Jump to content
Форум@zama.cc
Sign in to follow this  
mohmad

Три основы (очень важные аудио лекции)

Recommended Posts

Три основы

Автор: Наиль Абу Салих

Чтение и разъяснение книги «Три основы и их доказательства» («Салясатуль-усуль уа адиллятуха») шейха муджаддида Мухаммада ибн Сулейман аль-Мушаррафи ат-Тамими, да помилует его Аллах.

Верующие должны внимательно отнестись к этому посланию. Во-первых, обучать этому посланию народ — простолюд, своих женщин в домах, должны учить детей, должны учитывать уровень их понимания. Ученые, этой уммы, да помилует их Аллах, уделяли большое внимание этому посланию, обучению и изучению его. Также они обязывали многих людей после каждой утренней молитвы изучать это послание. Они заставляли учить людей эти три основы и разбирать их. Это и есть цель — желание добра, желание добра и любовь добра для верующих рабов Аллаха. Потому что самая великая услуга, которую можно оказать мусульманину — это то добро, которое спасет его в тот момент, когда придут к нему два ангела в могиле и зададут ему три вопроса. И если он даст на эти вопросы хороший и правильный ответ, то его жизнь будет после этого счастливой. Если же его ответ будет неверным и неправильным, то он после этого будет жить несчастным и вкушать мучительные наказания.

Перейти по ссылке и СЛУШАТЬ

Скачать лекции одним файлом

Share this post


Link to post
Share on other sites

Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца! Хьуна хаийла - АллахIа хьох къинхетам барг - вайн декхар хилар диъ хIума Iамадар: Хьалхарниг: Iилма ду. Iилма - АллахI вовзар ду, Цуьнан Пайхамар - Делера салават а, салам а хуьлда цунна - вовзар ду, Ислам дин довзар ду шен делилашца (баххашца).

  • ШолгIаниг: Оцу Iилманца Iамал яр ду.
  • КхоалгIаниг: Оцу вайна доьвзинчуьнга нах кхайкхар ду.
  • ДоьалгIаниг: Нах вайна доьвзинчуьнга кхойкхучу хенахь вайна хуьлуш йолчу халонна сатухуш, собаре хилар ду.
  • Оцу деа хIуманан делил ду, цунна тешалла ду АллахIан дош: (Къинхетаме а, Къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца! Хенаца (дуй буу Ас)! Баккъалла, адам эшамехь ма ду. (АллахIах) теша а тешна, дика Iамал йинарш а, бакъонца весет динарш а, собарца весет динарш а боцурш). [Сурат "АлIаср" 1-3 аяташ]. Имам ШафиIийс - Дала къинхетам бойла цунах - хIокху сурат хьокъехь аьлла: "АллахIа Шен халкъана тешаллийна хIара сурат бен ца доссийнехь а, иза тоьар дара царна тешалла хила (цуьнца Iамал ян)". Имам Бухарис - Дала къинхетам бойла цуьнах - аьлла: "Iилма Iамор Iамал ярал хьалха хилар довзайту баб (дакъа)".

  • Iилма Iамалал хьалха даккха дезаш хиларан тешалла ду АллахIан дош: (Хаийла хьуна АллахI воцург кхин дела цахилар, хьайн къинна гечдар а деха) [Сурат "Мухьаммад" 19 аят]. ХIокху аятехь АллахIа Шен омру "Хаийла хьуна" аьлла, дашал а, Iамалал а хьалха Iилманца долийна. Юха кхин а хаийла хьуна - АллахIа хьох къинхетам барг - хIора бусалба стагна а, зудчунна а тIехь хилар, хIинца вай дуьйцур долу кхо хIума Iамадар.

  • 1 - Хьалхарниг: Вай АллахIа кхоьллина хилар, цул тIаьхьа Цо вайна рицкъа делла хилар, Цо вай тидам боцуш тесна дитина цахилар а. Муххале а, Цо вайна Пайхамар ваийтина. Цунна мутIахь хилларг ялсамане гIур ву, амма цунна Iеса хилларг жоьжахате а гIур ву. Оцунна тешалла ду АллахIан дош: (Оха шуна Элча ваийтина, шуна тIехь теш волуш, ФирIавн волча Оха элча вахайтарх терра, ткъа ФирIавн элчанна Iеса хилира, тIаккха Оха иза (ФирIавн) хIаллаквеш долчу лацарца лецира) [Сурат "Ал-муззаммил" 15-16 аяташ].

  • 2 - ШолгIаниг: АллахI реза вац Шеца накъост варна, хуьлийла иза малайкашна Iибадат дарца, я пайхамарашна Iибадат дарца.[1] Тешалла ду АллахIан дош: (Баккъалла, маьждигаш АллахIан ду, ткъа аша ма кхайкха АллахIаца цхьанга а) [Сурат "Ал-джинн" 18 яат].

  • 3 - КхоалгIаниг: Делан Элчанна - Делера салават а, салам а хуьлда цунна - муьтIахь волчунна, Дела цхьаъ веш волчунна мегаш дац, Далла а, Делан Элчанна - Делера салават а, салам а хуьлда цунна - дуьхьал ваьллачунца гергарло лелор, иза шен уггара гергара стаг велахь а. Цунна тешалла АллахIан дош ду: (Хьуна карор бац (бусалба) нах, АллахIах а, къемат дийнах а теша а тешаш, АллахIана а Цуьнан Элчанна а дуьхьало еш берш (дов лелош берш) безаш болу, уьш шайн дай белахь а, я шайн кIентий, я шайн вежарий, я шайн тайпана (белахь а). Уьш (бусалба динна дуьхьал болчарца гергарло ца лелориш) АллахIа шайн дегнашкахь ийман яздинарш бу. (Цо) уьш чIагIбина шегарцу сица (Жабраилца), (Цо) уьш бохуьйтур а бу, шайна кIелхула татолаш лелачу бошмашка (ялсамане), даим цу чохь хир а болуш. АллахI царна а реза хилла, уьш Цунна а реза хилла. Уьш бу АллахIан тобанах, ткъа АллахIан тоба баккъалла декъал ю) [Сурат "Ал-муджадалат" 22 аят].

  • Хьуна хаийла – АллахIа хьо Шена муьтIахь хиларе нисварг – ИбрахIима-Пайхамаран миллат, хьанифийн дин – иза ахь АллахIана даггара Iибадат дар хилар. АллахIана цхьанна, даггара Iибадат дар – и ду АллахIа массо нахана омру дина тIедиллинарг, ша бахьанехь адамаш кхоьллинарг а. АллахIа Къуръан чохь ма- аллара: (Ас ца кхоьллина жинаш а, адамаш а, цаьрга Сайна Iибадат дайта бен) [Сурат "Аз-зарийат" 56 аят]. "Сайна Iибадат дайта" бохучуьнан маьIна - "Со цхьаъ вайта" бохург ду. Ткъа АллахIа омра динчерах уггар доккханиг "тавхьид" ду, цуьнан маьIна: Iибадат дарехь АллахI цхьаъ вар ду. Иштта, АллахIа ца магийначех уггар доккханиг "ширк" ду, цуьнан маьIна: АллахI воцучунна Iибадат дар ду, Цуьнца кхечуьнга кхайкхар санна. Цунна тешалла АллахIан дош ду: ((Аш) Iибадат де АллахIана, цхьаъа хIуманца Цуьнца накъост а ма ве) [Сурат "Ан-нисаъ" 36 аят]. Ткъа нагахь санна хьоьга алахь: адамана бовза безаш болу кхо бух хIун бу? Ахь ала: Лайна шен Дела а, шен дин а, шен Пайхамар Мухьаммад а - Делера салават салам хуьлда цунна - вовзар бу. Хьалхара бух – АллахI Дела вовзар. Ткъа нагахь санна хьоьга алахь: хьан Дела мила ву? Ахь ала: сан Дела АллахI ву, со а, дерриге Iаламаш а Шен ниIматашца кхиийна волу. Иза ву ас Шена Iибадат дийриг, Иза воцург кхин Iибадат дан цхьа а вац сан. Цунна тешаллийна АллахIан дош ду: (Хастам бу АллахIана, Iаламийн Элана) [Сурат "Алфатихьат" 2 аят]. АллахI воцург кхидолу массо хIума Iаламашна юкъадогIуш ду, иштта со а ву оцу Iалам юкъара. Нагахь санна хьоьга алахь: хьуна хьайн Дела муха воьвзина? Ахь ала: Суна Иза Цуьнан аяташца (билгалонашца) а, Цо кхоьллинчу хIуманашца а воьвзина. Цуьнан аятех (билгалонех) ду: буьйса а, де а, малх а, бутт а. Цо кхоьллинчу хIуманех ду: ворхI стигал а, ворхI латта а, цаьршинна чохь дерг а цаьршинна юкъахь дерг а. Цунна тешаллийна АллахIан дош ду: (Цуьнан билгалонех ду буьйса а, де а, малх а, бутт а. Ма де суджуд малхана, я баттана, (амма) суджуд де АллахIана, уьш кхоьллина волчу, нагахь шаьш Цунна (цхьанна) Iибадат деш делахь) [Сурат "Фуссилат" 37 аят].

  • Иштта кхин а аьлла Дала Къуръан чохь: (Баккъалла шун Дела ву, стигланаш а латта а ялх дийнахь кхоьллинарг, цул тIаьхьа Иза лакхаваьлла Iарша тIехь, буьйса денна тIетосу Цо, цо (буьйсано) иза (де) сихонца лоху. Малх а, бутт а, седарчий а, муьтIахь дина Цо Шен омрунца, Цуьнан карахь ду кхоллар а, болх а. Беркате ву АллахI, Iаламийн Эла (Дела)) [Сурат "Ал-аIраф" 54 аят].

  • Дела бохург - шена кхечу наха Iибадат дийриг бохург ду. Иза иштта хилар гойту АллахIан дашо: (ХIай адамаш, Iибадат де шайн Далла, шу а, шул хьалхарниш а кхоьллина волчу, шу хила мега тIаккха (Цуьнах) кхоьруш (аш Цунна Iибадат дича). (Аш Iибадат де АллахIана), латта шуна мотт санна дина волчу, стигал а гIишло санна йина волчу, стиглара хи а доссийна, цуьнца (лаьттара хьала) шуна рицкъанна стоьмаш а баьхна волчу, ткъа аш ма бойла АллахIаца накъостий, шаьш хууш доллушехь (и дан ца мегий)) [Сурат "Ал-бакъарат" 21-22 аяташ].

  • ХIокху аятан тафсирехь Ибну-Касира - Дала къинхетам бойла цунах - аьлла: "И хIуманаш кхоьллина верг - Иза ву Шена Iибадат дан хьакъ долуш верг". АллахIа тIедехкина долчу Iибадатан дакъош - Ислам, Иман, Ихьсан а санна долу, иштта доIа дар а, кхерар а, догдахар а, болх тIебиллар а, безам хилар а, цабезам хилар а, гIолахар а, хьаставалар а, тIетовжар а, Iалашвар дехар а, гIо дехар а, хьайбанна урс хьакхар а, чIагIо яр а, иштта кхидолу АллахIа тIедехкина долу Iибадаташ а, уьш массо а цхьана АллахIа доьхьа хила дезаш ду. Тешалла АллахIан дош ду: (Баккъалла, маьждигаш АллахIан ду, аш макхайкха АллахIаца кхечуьнга цхьаьнга а) [Сурат "Ал-джинн" 18 аят].

  • Оцу Iибадатех цхьаъ делахь а кхечуьнга дерзийнарг - иза АллахIаца накъост веш хуьлу Iибадат дарехь, куфр деш а хуьлу. Тешалла ду АллахIан дош: (АллахIаца кхечу деле кхойкхуш верг - шегахь цхьа тешалла а доцуш - баккъалла а цуьнан хьесап дар цуьнан Делехь ду, баккъалла а декъал хир бац керстанаш (куфр дийриш)) [Сурат "Ал-муъминун" 117 аят].

  • Хьадисехь деана ду: "Дехар, доIа дар - Iибадатан тIум ю". Цунна тешаллийна АллахIан дош а ду: (Шун Дала аьлла: деха Соьга, доIа де, Ас жоп лур ду шуна. Баккъалла а, Суна Iибадат дарх куралла еш берш гIур бу жоьжагIате, аьшнаш бина, сийсаз а болуш) [Сурат "ГIафир" 60 аят].

  • АллахIах бен кхера ца везаран тешалла ду Цуьнан дош: (Шу ма кхера церах, шу кхера Соьх, нагахь санна шу тешаш делахь) [Сурат "Ал-Iимран" 175 аят].

  • Догдахаран тешалла ду АллахIан дош: (Ткъа шен Далла ша дуьхьалхIоттарга догдохуш волчо дика Iамал а йойла, ша шен Далла Iибадат дарехь накъост а ма войла) [Сурат "Ал-кахIф" 110 аят].

  • Болх тIебилларан тешалла ду АллахIан дош: (АллахIана тIебилла болх (Цуьнан кера дIало иза), нагахь санна шу (Цунах) тешаш делахь) [Сурат "Ал-маидат" 23 аят].

  • Иштта цунна тешаллийна кхин цхьа аят а ду: (АллахIана тIе болх биллинчунна - Иза кхачам болуш тоьаш ву цунна) [Сурат "Ат-тIалакъ" 23 аят].

  • Безам хиларан а, цабезам хиларан а, хьаставаларан а тешалла ду АллахIан дош: (Баккъалла а уьш бара диканаш дарехь сихо еш, Тхоьга (АллахIе) кхойкхуш а бара, (массо дикачу хIуманехь) безам болуш а, (массо вочу хIуманехь) цабезам болуш а, Тхуна хьастабелла (АллахIан сий деш Цунна муьтIахь) а бара уьш) [Сурат "Ал-анбияъ" 90 аят].

  • АллахIах дагчохь кхера везаран тешалла ду АллахIан дош : (Ма кхера шу церах, шу кхера Соьх) [Сурат "Ал-бакъара" 150 аят].

  • АллахIе дерза дезаран тешалла ду АллахIан дош: (Шу дерза шайн Деле, Цунна муьтIахь а хила) [Сурат "Аззумар" 54 аят].

  • ГIо дехаран тешалла ду АллахIан дош: (Хьуна цхьанна Iибадат а до оха, Хьоьгара цхьаьнгара гIо а доьху оха) [Сурат "Ал-фатихьат" 5 аят]. Хьадисехь а деана ду: "Айхьа гIо лахахь АллахIера лаха хьайна гIо, Цуьнгара деха а деха".

  • Iалашвар АллахIе деха дезаран тешалла ду АллахIан дош: (Ахь ала: со ларло адамийн Эла волчуьнца (АллахIаца), адамийн Паччахьца) [Сурат "Ан-нас" 1-2 аят].

  • Орца лахаран тешалла ду АллахIан дош: (Аш шайн Деле орца доьхучу хенахь Цо жоп делира шуна) [Сурат "Ал-анфал" 9 аят].

  • Хьайбанна урс хьакхаран (гIурба деран) тешалла АллахIан дош ду: (Ахь ала: бакъдолуш, сан ламаз а, сан урс хьакхар а, сан вахар а, сан валар а, Iаламийн Эла волчу АллахIан доьхьа ду. Накъост вац Цуьнца. Цуьнца (иштта хиларца) омру дина а ду суна, со доьххьара бусалба а ву) [Сурат "Ал-анIам" 162-163 аят].

  • Суннатера тешалла ду Пайхамаран - Делера салам маршалла хуьлда цунна - дош: "АллахIа неIалт аьлла АллахI а воцуш кхечуьна доьхьа урс хьаькхначунна (кхечуьна доьхьа сагIа дийначунна).

  • ЧIагIо йаран тешалла ду АллахIан дош: (Цара кхочуш йо шаьш йина йолу чIагIо, уьш кхера а кхоьру шен вон дIасадаьржар долчу дийнах) [Сурат "Ал-Инсан" 7 аят]. ШолгIа бух - шен баххашца бусалба дин довзар. Бусалба дин - иза АллахI цхьаъ варца Цунна муьтIахь хилар ду, Цо аьлларг деш хилар а ду, Цуьнца накъост варах а, ширкан охIлунах а цIена хилар а ду.Бусалба дин кхаа даржехь ду: Ислам, Иман, Ихьсан. Оцу кхаа даржах хIоранне а ше-шен арканаш (бIогIамаш) ду.

Бусалба динан хьалхара дарж - Ислам.

  • Исламан арканаш пхиъ ду:
  • 1) тешалла дар АллахI воцург кхин дела а вац аьлла, Мухьаммад АллахIан элча а ву аьлла;
  • 2) ламаз дар;
  • 3) закат далар;
  • 4) мархи бутт кхабар;
  • 5) АллахIан цIентIе хьадж дар.

  • АллахI воцург кхин Дела вац аьлла тешалла дан дезаран далил АллахIан дош ду: (Тешалла дина АллахIа Ша воцург кхин дела вац аьлла, малайкаша а дина, Iилман дайша а дина; нийсонна тIехь лаьтташ ву АллахI, кхин Дела вац иза воцург, Нуьцкъала а Хьекъале а волу) [Сурат "Ал-Iимран" 18 аят] Цуьнан маьIна - цхьа а вац шена Iибадат дан хьакъ волуш цхьа АллахI воцург бохург ду. "ЛаилахIа" - цхьа а Дела вац бохучу дашо дIадоккху АллахI а витина шена Iибадат мел деш долу хIума, "иллаллахI" - АллахI воцург бохучу дашо чIагIдо цхьана АллахIана Iибадат дан дезар, Цуьнца Iибадат дарехь накъост а ца веш, Цуьнан паччахьаллехь Цуьнца накъост ца хиларе терра. И аят туьду АллахIан кхечу дашо: (ИбрахIима аьлча шен дега а, шен къоме а: со цIена ву аш Iибадат дечух, со кхоьллинарг воцучух (кхечарех цIена ву со), Цо со нисвийр ву. Цо (ИбрахIима) цуьнах (ша аьллачу дашах) дира шел тIаьхьа шен тIаьхьлонна дуьссур долу дош, уьш (цуьнан да а, къам а) юха боьрзур бацара те аьлла) [Сурат "Аз-зухруф" 26-28 аят].

  • Кхин а иза туьду кхечу АллахIан дашо а: (Ахь ала: хIай жайни охIла, дуьйла тхуна а, шуна а цхьатерра долчу даше: вай, АллахI воцучунна Iибадат а ца дан, Цуьнца цхьаъа хIуманца накъост а ца ван, АллахI а витина вай вовши эланаш а ца дан. Ткъа нагахь санна уьш юха бовлахь аш ала (цаьрга): тешалла де тхо бусалба хиларца) [Сурат "Ал-Iимран" 64 аят].

  • Мухьаммад АллахIан элча ву аьлла тешалла даран далил АллахIан дош ду: (Шуна веъна элча, шух шайха волу, йазло цунна шуна хуьлу халонаш, кхоаме, тIаламе ву иза шуьца, АллахIах тешаш болчаьрца эсала а, къинхетаме а ву иза) [Сурат "Ат-тавбат" 128 аят]. Мухьаммад АллахIан элча ву бохучуьнан маьIна ду: цо омру динчунна муьтIахь хилар, цо дийцинчу хIуманна тIехь иза бакъ вар, цо ма де аьллачу хIуманах ларвалар, цо де аьллачу кепара бен АллахIана Iибадат ца дар.

  • Ламазан а, закатан а, тавхьидан маьIнан а тешалла ду АллахIан дош: (Царна омра дина дацара АллахIана Iибадат де аьлла бен, динлелор цIенчу даггара Цуьнан доьхьа хуьлуьйтуш, хьанифаш (ИбрахIиман дин тIехь АллахIана цхьанна Iибадат деш берш) санна, ламаз а, де закат а ло аьлла а бен. Иза ду нийса дин) [Сурат "Ал-баййинат" 5 аят].

  • Марха кхабаран тешалла ду АллахIан дош: (ХIай АллахIах тешаш дерш! Шуна тIехь яздина (парз дина) ду марха кхабар, шул хьалха хиллачарна тIехь яздаре терра, шу хир дацара-те кхоьруш (АллахIах)) [Сурат "Ал-бакъарат" 183 аят].

  • Хьадж даран тешалла ду АллахIан дош: (АллахIана (хьакъ) ду нахана тIехь хьадж дар, новкъа ваха ницкъ кхаьчначо, ткъа цхьамма керстналла дахь - АллахI Iаламера хIумма оьшуш вац) [Сурат "Áл-Iимран" 97 аят]. Бусалба динан шолгIа дарж - Иман. Иманан кхузткъеитт а, кхин масех а дакъа ду, церах уггар дезаниг "лаилахIа иллаллахI" алар ду, уггар лахарниг новкъара нех дIаяккхар ду. Эхь хетар а Иманан цхьа дакъа ду. Иманан арканаш ялх ду: Делах тешар а, Цуьнан малайкех а, Цуьнан жайнех а, Цуьнан элчанех а, къемат дийнах а, къадрах (билгалдаккхарх) тешар а, цуьнан диканах а, вонах а цхьане. Оцу арканийн тешалла ду АллахIан дош: (Дикалла (суьпалла) яц аш шайн яххьаш малхбалехьа а, малхбузехьа а ерзор, амма дикалла ю АллахIах тешар а, тIаьхьарчу (къемат) дийнах а, малайкех а, жайнех а, элчанех а тешар а) [Сурат "Ал-бакъарат" 177 аят].

  • Къадран (билгалдаккхаран) тешалла ду АллахIан дош: (Баккъалла а Оха массо хIума кхоьллина билгалдаккхарца) [Сурат "Ал-къамар" 49 аят] Бусалба динан кхоалгIа дарж - Ихьсан

  • Ихьсанан цхьа рукн бен дац, иза - ахь АллахIана Iибадат дар ду, хьайна Иза гуш волуш санна, ткъа хьуна Иза гуш вацахь а Цунна хьо гуш ву. Тешаллийна ду АллахIан дош: (Баккъалла а АллахI Шех кхоьруш болчаьрца а ву, мухьсин болчаьрца (Ша гуш волуш санна Шена Iибадат деш болчарца а, нахана дика деш болчарца) а ву) [Сурат "Ан-нахьл" 128 аят].

  • Кхин а АллахIан дош ду: (Ахь болх дIа луо Нуьцкъала а, Къинхетаме а волчуьнан кера, хьо (ламазехь) лаьттачу хенахь хьо гуш волчуьнга, суджудаш деш болчарна юкъахь хьо дIасахьийзаш а (гуш волчуьнга), баккъалла а Иза ву Хезаш а, Хууш а верг) [Сурат "Аш-шуIараъ" 217-220 аяташ].

  • Кхин а АллахIан дош ду: (Хьо цхьа а хьолехь хуьлуш а вац, ахь цхьа (дакъа) Къуръан а ца доьшу, аш цхьа а Iамал а ца йо Тхо шуна тIехь тешаш долуш бен, шу и хIуманаш дан дуьйлалучу хенахь (а, дечу хенахь а)) [Сурат "Юнус" 61 аят].

  • Суннатера тешалла ду массарна девзаш долу Жабраил малайкан хьадис, ХаттIаба кIанта Iумара - Дела реза хуьлда цунна - дийцина долу. Iумара аьлла: "Тхо Делан Элчанна - Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна - уллехь хевшина Iаш долчу хенахь, тхуна тIе веара цхьа стаг, чIогIа кIай духар дуьйхина а волуш, чIогIа Iаьржа месаш а йолуш, шена тIехь гуш цхьа а некъан лар а йоцуш, тхуна цхьанненна а воьвзаш а воцуш. Пайхамарна - Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна - улло охьахиира иза, шен ши гола цуьнан голех а хIуттуш, шен ши куьг цуьнан шина варо тIе а дуьллуш.

  • ТIаккха цо элира: "ХIай Мухьаммад! Исламах лаьцна дийцахьа суна".

  • ТIаккха Пайхамара элира: "Иза ахь тешалла дар ду, АллахI воцург кхин дела а вац аьлла, Мухьаммад Цуьнан элча а ву аьлла, ахь ламаз дар а ду, закат далар а ду, марха кхабар а ду, новкъа ваха хьайн ницкъ кхачахь хьадж дар а ду".

  • ТIаккха цо элира: "Бакъ лоь хьо". ТIаккха тхо цуьнах цецдевлира - "цуьнга хетта а хоьттуш, иза бакъвеш ву-кхa иза!" - аьлла. ТIаккха цо элира: "Иманах лаьцна дийцахьа суна".

  • Пайхамара элира: "Иза хьо тешар ду АллахIах а, Цуьнан малайкех а, Цуьнан жайнех а, Цуьнан элчанех а, тIаьхьарчу (къемата) дийнах а, къадрах (билгалдаккхарх) а - цуьнан диканах а вонах а". ТIаккха цо элира: "Бакъ лоь хьо. ТIаккха Ихьсанах лаьцна дийцахьа суна". Пайхамара элира: "Иза ахь Iибадат дар ду, хьайна АллахI гуш волуш санна, ткъа хьуна Иза гуш вацахь а Цунна хьо гуш ву". Цо элира: "Къемата дийнах лаьцна дийцахьа суна". Пайхамара элира: "Шега хоьттуш верг хаттарш дечул сов цуьнах лаьцна хIумма а хууш вац". ТIаккха цо элира: "Цуьнан билгалонех лаьцна дийцахьа суна". Пайхамара элира: "Лай йолчу зудчо шен эла яр а, когаш Iуьйра, тIейуха хIума йоцуш хилла болу къен-миска жаIуй гIишлош ярехь къийсалуш хьуна гар а". ТIаккха иза дIавахара, тхо диссира. ТIаккха Пайхамара элира: "ХIай Iумар, хеттарш деш хилларг мила вара хаьий хьуна?" Ас элира: "АллахI а, Цуьнан Элча а ву дика хууш верг". Пайхамара элира: "Иза Жабраил дара, шуна шун динан болх Iамо деана". КхоалгIа бух – вайн Пайхамар Мухьаммад – Делера къинхетам а,

маршалла а хуьлда цунна – вайна вовзар. Иза ХIашима кIента IабдулмуттIалиба кIента IабдуллахIа кIант Мухьаммад ву. ХIашим Къурайши тайпанах ву, Къурайши тайпа Iаьрбой бу, ткъа Iаьрбой - АллахIан доттагI хиллачу ИбрахIим-пайхамаран кIента ИсмаIилан тIаьхьенах бу - Делера салават а, салам маршалла а хуьлда цаьршинна а, вайн Пайхамарна а -. Пайхамар кхузткъе кхаа шарахь ваьхна, шовзткъа шарахь шега пайхамаралла далале а, ткъе кхаа шарахь пайхамар а, элча а волуш а. Цуьнга пайхамаралла делла "Икъраъ" - "Деша" бохучу суратца, ткъа цуьнах элча вина "Муддассир" - "ДIахьарчинарг" бохучу суратца. Цуьнан шахьар Макка ю. АллахIа иза ваийтина нах ширках ларбеш, тавхьиде кхойкхуш. Цуьнан тешалла ду АллахIан дош: (ХIай дIахьаьрчинарг! ХьалагIатта, кхерам хилар дIа а хьеде. Хьайн Дела ваз а ве. Хьайн бедарш цIан а йе. ЦIена йоцучу хIуманах хьой хер а ве. Айхьа деш долу дика, цул дукха хьайна юха хила лууш а ма де. Хьайн Делан доьхьа собар а де) [Сурат "Алмуддассир" 1-7 аяташ]. "ХьалагIатта, кхерам ло" бохучуьнан маьIна ду - Делаца накъост варх цо кхерам балар а, Дела цхьаъ варе кхайкхар а. "Хьайн Дела ваз а ве" бохучуьнан маьIна - ахь Иза вазве цхьаъ варца бохург ду. "Хьайн бедарш цIан а йе" бохучуьнан маьIна - хьайн Iамалш ширках цIан йе бохург ду.. "ЦIена йоцучу хIуманах хьой хер а ве" бохучуьнан маьIна – цIух (жаIарех) хер ло бохург ду, церах хервалар - уьш Iадйитар а ду, церах а, царна Iибадат дечу нахах а цIена хилар а ду.

  • ХIокху кхайкхаме - тавхьиде - кхойкхуш итт шо даьккхина Пайхамара -Делера салават а, салам а хуьлда цунна -, тIаккха итт шо даьллачул тIаьхьа стигала хьалаваьккхина иза Дала, пхи ламаз тIе а диллина цунна цигахь. Маккахь кхаа шарахь Iийна иза ламаз парз динчул тIаьхьа, тIаккха Мадинате хIижрат де аьлла омру дина цунна АллахIа. ХIижрат - иза АллахIаца накъост вечу махкара бусалба дин лелочу махка кхалхар ду. АллахIаца накъост вечу махкара бусалба дин лелочу махка хIижрат дар хIокху умматана тIехь парз а ду, къемат де даллалц лаьттар долуш а ду. Тешалла ду АллахIан дош: (Баккъалла а шаьш шайна зуламхой а болуш (АллахIана Iеса хиларца) малайкаша дIакхалхош берш, цаьрга эр ду: шу муьлха хьолахь дара? Цара эр ду: тхо гIор доцуш дара лаьтта тIехь. Цара (малайкаша) эр ду: АллахIан латта шорта дацара шуна аш цу тIехь хIижрат дан? Уьш шайн боьрза меттиг жоьжагIате ерш бу, ма вон воьрза меттиг а ю-кхa (иза). (Царна юкъа богIуш бац) божарех а, зударех а, берех а гIора доцурш, кIелхьарабовлийла ца карош болу, некъ а ца хууш болу. Уьш бу АллахIа шайна гечдан а, къинтIера вала а там берш, ткъа АллахI ву къинтIера волуш а, гечдеш а). [Сурат "Ан-нисаъ" 97-99 аяташ].

  • Кхин а АллахIан дош а ду: (ХIай иман диллина болу Сан лайш! Баккъалла а, Сан латта шорта ду шуна, ткъа аш Суна цхьанна Iибадат де) [Сурат "Ал-Iанкабут" 56 аят]. Ал-БагIавий цIе йолчу Iелам стага аьлла: "ХIара аят доьссина, хIижрат а ца деш Маккахь биссина хилла болу бусалба нах бахьана долуш. Дела цаьрга кхайкхина иманан цIарца". ХIижрат даран хьокъехь Суннатера тешалла ду Пайхамаран - Делера салават а, салам а хуьлда цунна - дош: "ХIижрат дIахедар дац тоба дIахаддалц, ткъа тоба дIахедар дац малх малхбузехьара схьакхетталц".

  • Мединатехь вайн Пайхамар -Делера салават а, салам а хуьлда цунна - сецначул тIаьхьа тIедехкина цунна Дала, диссина долу бусалба динан гIуллакхаш а, Iамалш а, закат а, марха а, хьадж дар а, азан дар а, ДжихIад дар а, диканиг де алар а, вониг ма де алар а, иштта кхийолу Iамалш а. Оцу тIехь лаьттина иза Мединатехь итт шарахь, тIаккха дIакхелхина иза - Делера салават а, салам а хуьлда цунна -, амма цуьнан дин диссина.

  • Цхьа а дика дитина дац цуьнан дино, уммат цунна тIенисдина бен, я вон а дитина дац цо, уммат цуьнах лардина бен. Цо шена тIенисвина долу дика - тавхьид - Дела цхьаъ вар - ду, Далла дезаш долу, Иза реза мел волу хIума а ду. Оцу дино духатоьхна долу вон хIума - ширк ду, АллахIана цадезаш долу хIуманаш а, Цо духа мел тухуш долу хIуманаш а ду.

  • АллахIа вайн Элча массо адамашна ваийтина ву, цунна муьтIахь хилар жинашна а, адамашна а тIедиллина а ду. Тешалла ду АллахIан дош: (Ахь ала: ХIай адамаш! Со шуна массарна (ваийтина) элча ву) [Сурат "Ал-аIраф" 158 аят]. АллахIа цуьнца дуьзна кхочушдина Шен бусалба дин. Тешалла ду АллахIан дош: (Тахана Ас дуьзна кхочушди шуна шун дин, шуна тIехь Сайн ниIмат а кхочушди Ас, Ислам шун дин хила реза а хили Со) [Сурат "Ал-маидат" 3 аят] Пайхамар валаран (иза велла хиларан) тешалла ду АллахIан дош: (Баккъалла а, хьо а лийр волуш ву, уьш а лийр болуш бу. Цул тIаьхьа, баккъалла а, къемат дийнахь шайн Далла гергахь шу къийса а лур ду) [Сурат "Аз-зумар" 30-31 аяташ]. Адамаш деллачул тIаьхьа юха хьалагIовттор долуш ду, цуьнан тешалла АллахIан дош ду: (Оха цуьнах (латтанах) кхоьллина шу, цуьнга дерзор а ду шу, цуьнах юха а хьаладохур а ду шу) [Сурат "ТIохIа" 55 аят].

  • Кхин а АллахIан дош а ду: (АллахIа шу кхиийна латтанах кхиорца. Цо шу дерзор а ду юха цуьнга дерзорца, тIаккха хьала а дохур ду (латтанах) хьаладахарца) [Сурат "Нухь" 17-18 аяташ]. Адамаш гIиттийначул тIаьхьа царна хьесап дийр долуш а ду, шайн Iамалашка хьажжина бекхам бийр болуш а бу. Тешалла ду АллахIан дош: (АллахIан ду стигланашкахь а, латта тIехь а дерг, вон динчарна бекхам бан цара динчуьнца, дика динчарна бекхам а бан диканца) [Сурат "Ан-нажм" 31 аят].

  • ГIовттор хилар харцдеш верг куфр (керстаналла) деш ву. Цуьнан тешалла ду АллахIан дош: (Моьттина АллахIах ца тешачарна шаьш гIовттор дац аьлла, ахь ала: муххале а, сан Делор, шу гIовттор а ма ду, тIаккха шуна хаайтур а ма ду аш динарг, иза АллахIана атта а ма ду) [Сурат "Ат-тагIабун" 7 аят].

  • Дала массо элчанаш кхерам а луш, кхаъ а боккхуш бахкийтина бу. Тешалла ду АллахIан дош: ((Ас бахкийтина) Элчанаш, кхаъ боккхуш болу, кхерам луш а болу, элчанел тIаьхьа АллахIана хьалха нахана тешалла (бехказло) ца хилийта) [Сурат "Ан-нисаъ" 165 аят]. Элчанех хьалхарниг Нухь ву - Делера салам-маршалла хуьлда цунна -, тIаххьарниг Мухьаммад ву - Делера салават а, салам а хуьлда цунна -, иза пайхамарийн мохIур ду (цул тIаьхьа кхин пайхамар а, элча а вац). Церах хьалхарниг Нухь хиларан тешалла ду АллахIан дош: (Оха хьоьга вахьйу дина, Нухь-пайхамаре а, цул тIаьхьа хиллачу пайхамаршка а вахьйу даре терра) [Сурат "Ан-нисаъ" 163 аят]. Нухьана тIера дуьйна схьа Мухьаммадна тIекхаччалц долчу массо умматашна АллахIа элчанаш бахийтина, Шена цхьанна Iибадат де аьлла царна омру а дина, "тIагIутана" Iибадат дар а ца магийна. Тешалла ду АллахIан дош: (Баккъалла а Оха вахийтина массо умматана элча - АллахIана Iибадат а де, тIагIутах лар а ло аьлла) [Сурат "Ан-нахьл" 36 аят].

  • АллахIа массо лайшна тIедиллина Шех тешар, тIагIутах ца тешар, иза харцдар. Ибнул-Къаййима - Дала къинхетам бойла цуьнах - аьлла: "ТIагIут бохучуьнан маьIна ду - Iибадат дарехь а, тIаьхьавазарехь а, муьтIахь хиларехь а Дала шена тоьхна долчу дозанал тIехволуш долу хIума. ТIагIуташ дукха ду, церан кортош пхиъ ду: Дала Шен къинхетамах гена даьккхина долу Иблис ду, ша реза а волуш шена Iибадат дайтинарг а ву, шена Iибадат даре нах кхайкхинарг а ву, къайлах дерг шена хаьа бохург а ву, АллахIа доссийна доцучуьнца хьукм деш верг а ву". Тешалла АллахIан дош ду: (Дегаза дин тIелацийтар (мегаш) дац, билгалъялла нийсо тиларх къастарца, ткъа тIагIутана керста а дина (иза Iад а дитина), АллахIаца иман диллинарг (Цуьнах тешнарг) - иза хили чIогIачу, ондачу, хедар доцучу дазарехь (Исламехь); АллахI Хезаш а, Хууш а ву) [Сурат "Ал-бакъарат" 256 аят]. Иза ду - "лаилахIа иллаллахI" - АллахI воцург кхин дела вац бохучуьнан маьIна. Хьадисехь деана ду: "Белхан корта Ислам ду, цуьнан бIогIам ламаз ду, цуьнан лакхалла (уггаре лекха барам) Делан дуьхьа Делан некъахь ДжихIад (ГIазот) дар ду".

  • Ткъа массарел дика хууш верг АллахI ву.

"Кхо бух" олу жайна чекхдели.

Чакхе

  • [1] Цхьаболчу наха, я малайкашна Iибадат деш, я пайхамарашна Iибадат деш АллахIаца накъостий лецна Iибадат дарехь. Масала, керста наха Iийса-пайхамарах Дела вина, цунна Iибадат до цара. Иштта кхечара малайкашка орца доьху, я уьш Делан йоIарий бу олу, я АллахIе бен далуш доцу хIуманаш, цаьрга дало моьттуш лела. Оцу кепара, пайхамаршкара а гIо лоьху, я цаьрга шайн хьашташ кхочуш дар доьху. Ткъа массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш волу АллахI, адамашка Шегара гIо доцург гIо дац шуна, Ша делларг бен рицкъа дац шуна аьлла волу АллахI Дела реза вац оцу хIуманашна. Муха хир ву Иза реза, Цо адамаш а, жинаш а Шена цхьанна Iибадат дайта бен кхоьллина ца хилча? (Гочдархо).

Share this post


Link to post
Share on other sites

Join the conversation

You can post now and register later. If you have an account, sign in now to post with your account.

Guest
Reply to this topic...

×   Pasted as rich text.   Paste as plain text instead

  Only 75 emoji are allowed.

×   Your link has been automatically embedded.   Display as a link instead

×   Your previous content has been restored.   Clear editor

×   You cannot paste images directly. Upload or insert images from URL.

Sign in to follow this  

×
×
  • Create New...